ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Путин Кремлера эккхо Москох воьду шаман лачкъийна Якутехь


Еарин буса Якутехь лаьцна, дIавигина Путин Кремлера "эккхо" араваьлла, Москох некъ эцна воьду шаман Габышев Александр, хаамбо "Сибирь.Реалии" проекто. Цо дийцарехь, Иркутск мехкан дозанерчу Выдрино юьртахь буьйса йоккхуш хилла иза, цуьнан Iойла йолчу массех машен еача. ТуьтмIаьжигашкахь болчу наха шен йийбар, духар чохь лелочу гIудалкхца цхьаьна иза дIавигина меттиг хууш яц.

"Некъ къевлинера герзаш карахь долчу наха, сихха гобира шаманан а, цуьнца некъбечийн а четаршна. Иттаннашкахь бара баьхкинарш", - дуьйцу шаманца хиллачара.

Цара бахарехь, туьтмIаьжигашкахь хиллачара ца аьлла шаьш муьлш ду. Некъ бихкина, телефонан зIе хадош болу гIирс хилла шайца. Шаманца цхьаьна дIавигина кхин а массех цуьнан некъан накъост.

Габышев волу меттиг хууш яц. "Сибирь.Реалиига" хилларг дийцинчарна хетарехь, къайлахчу сервисера бу шаман лачкъийнарш.

Znak.com портало, цхьана тешанна тIе а тевжаш, баржийначу хаамца, Габышев лаьцнарг полици хила а тарло – "Экстремизм яржош йолу юкъаралла кхолларна" олучу низамца иза маршонах ваккхархьама.

Генарчу Малхбаленан некъаш тIехула ах шо дара якутийн шаман Габышев Александр гIаш Москох кхача араваьлла. Цо бахарехь, Оьрсийчоьнан президентах "жин" доьлла, и хьал шамане бен листалур дац. Кремл чуьра Путин араваккха воьдуш ву ша, олура Габышевс. Ши бутт хьалха, иза Чита кхаьчча, цо арабаьккхина некъ къобалбеш, гуламе велира меттигера 700 вахархо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG