ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Урс диттина шен беран нанна Теховс


БуьрийтIехь 30 шарера ваьллачу Техов Вадима, шена тешаме яц аьлла, урс диттина шегахь марехь а хилла, ша йитинчу Гагиева Регинина кхаарийдийнахь, хаамбо "Кавказ.Реалиин" хьасташа.

22 шо долу Гагиева шен белхан меттехь, компьютерийн туьканахь, хилла Техов иза йолчу веача. Видеотергаман камераша гойту цо зудчунна хьалха телефон лестош а, кисанара урс хьаладоккхуш а, иттазза зудчунна логах тухуш а. Гагиева дуьхьало ян гIиртина, амма ца лараеллла.

"Кавказ.Реалиига" Техов вевзачара дийцарехь, дуьххьара дац цо шегахь хилла зуда кхечу божаршца уьйрехь ю бохуш, хьийзош йолу, оцу бахьаница цуьнгара дIаваьккхина, шеца кхобу цо шайн юкъара кIант а.

Лоьраша, "логах хIума дисина а дац", дог кхузза сецира зудчун, шаьш доладалийтина хIоразза а, боху.

Цкъачунна медицинан гIирсаша дийна латтош ю Гагиева, хиндолчух ала ца хIуьтту лоьраш. Юьхьанца ша зулам динчу меттера ведда хилла Техов, амма тIаьхьо тIевахана полицина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG