Нохчийчу ваха новкъаваларца Москох кхаьчна Европан Кхеташонан Парламентан Ассамблеян векал Швабе Франк Оьрсийчоьнан Пачхьалкхан Думин арахьарчу гIуллакхийн комитетан куьйгалхочуьнца Слуцкий Леонидца цхьаьнакхетта еарийдийнахь. И хаам бина журналисташка Слуцкийс, яздо РИА Новости агенталло.
Карарчу беттан 18-20-чу денош ду парламентарийна Нохчийчохь адамашкарчу бакъонийн хьал зен къастийна. Цхьана декъанна, цуьнан хаа лаам бу махкахь мел маьрша бу стен-боршаллах боьхна нах.
"Мел бакъ ду хьажа воллу иза Нохчийчохь стен-боршалла иэделлачу нехан тоба хIаллакйина бохуш дуьйцу туьйранаш. Кхана воьду Соьлж-ГIала", - аьлла Слуцкийс.
Цо тоьшалла дина журналисташна хьалха Швабе хьекъал долуш а, адамийн бакъонийн проблематика дика евзаш а, Европан парламентехь ларам болуш а политик-бакъоларъярхо хиларх.
2017-чу шарахь "Керлачу газето" хааам баржийра, Нохчийчохь хIаллакбина дуккха а сексуалан дозанех хедда нах, аьлла. Нохчийчоьнан администрацино харцдира иза. Амма дуьненаюкъарчу прессо а, организацеша а кест-кеста айо и тема пачхьалкхан куьйгалхошна хьалха. Оьрсийчуьрчу Талламан комитето бакъ ца дина "Новая газето" яздинарг.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?