«Йохк-эцаран центрехь яьлла цIе шор ца йолуьйтуш, дIаяйина. Низамхойн информаци ю, стагга а лазийна вац, аьлла. Эладитанаш кхолла а, даржо а тIераболучарна хоуьйту, цIеяларх йолу информаци къайленехь яц, дисинарг дерриг а эладитанаш ду» - боху Кадыров Рамзана шен телеграм-каналехь.
Соьлж-ГIаларчу йохк-эцаран а, садаIаран а «Гранд-Парк» центрехь цIеяьллера еарин сарахь.
«Центран лахарчу гIат тIерачу цхьана туьканах летта цIе, кхераман шолгIа категори хIоттийна оха, тIеоьзна цIейойу техника», - элира орцанхоша журналисташка хьалхо. 12 техника а, 50 цIеяйархо а ву, цо бахарехь, бохам шор ца болуьйтуш хьийзаш.
Кху миноташкахь Кадыровс арахецначу хаамаша тоьшалла дарехь, цIе ерриг а дIаяйина, чоьнашка хьовсуш орцанхошна белларш, лазийнарш ца карийна.
Прессехь а, социалан машанашкахь а даьржинчу видеотоьшаллаша а, Маршо Радион меттигерчу хьасташа а дийцарехь, «Гранд-Паркан» 700 квадрат-метр меттиг дIалаьцнера яьллачу цIаро.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?