ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туркойчоьнца цхьаьна къахьегар шорделла Шемахь - Пентагон


Шема -- Iамеркан тIеман ковра, Гезгмашин-бутт 2019 шо
Шема -- Iамеркан тIеман ковра, Гезгмашин-бутт 2019 шо


Шемахь НАТО-н бертахошна юкъахь кхолладелла гIоьртина хьал маьршадаккха Хонкарца юкъаметтигаш дӀакхехьар шордина лаккхарчу даржашкахь болчу Iамеркан эскархоша, хаам бо "Iамеркан аз" зорбанан гIирсо.

Iамеркан лаккхарчу даржашкарчу тIеман министраллан векалша хаам бина, Шемарчу къилбаседа-малхбалехь Туркойчоьнца шайн "битаме" юкъаметтигаш дӀакхехьар нисдаларх лаьцна. Делахь а, туркойн президенто Эрдохан Реджепа дIахьедар дина, нагахь Iамаркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа кхерамазаллица боьзна Туркойчоьнан лаам кхочуш ца бахь, Хонкаро ша цхьамма дийр ду Вашингтонан Шемахь бертахой болчу курдашна дуьхьал дан оьшург аьлла.

"Со барам боцуш битам хилла ву йоцчу хенахь хиллачу НАТО-н тIеман ницкъийн Цхьаьнатоьхначу лерринчу тобанийн кхиамах. Баркалла ала луур дара лаккхара корматаллан тегIа хиларна тхайн туркойн бертахошна", - дIахьедар дина журналисташна хьалха вистхуьлуш Iамеркан бригадин инарло Вортман Кристиана.

НАТО-н тIеман ницкъийн Цхьаьнатоьхна леррина тобанаш дIатарйина ю Шеман дозанца Iуьллучу туркойн Шанлыурфа провинцехь. Буьйранчаллан центр кхоьллинера Вашингтоно а, Хонкаро а, кхушеран Марсхьокху-баттахь бинчу (кхерамазаллин зонашкахь) "кхерамазаллин механизмах" лаьцначу барто ма бохху.

Хонкарахь дIахьедарш до, кхерамазаллин зона оьшуш яра туркойн дозанаш Шемарчу курдойн тIеман тобанех ларъян бохуш. "Курдийн ларбаларан халкъан тобанаш" террорхойн лоруш ю Туркойчохь. И тобанаш ю Шемахь "Исламан пачхьалкхаца" къийсам дIахьочу Iамеркан бертахой.

"Кхерамазаллин механизман Iалашо ю бух болу Туркойчоьнан кхерамазаллица доьзна саготта хилар дIадаккха а, ткъа иштта "Исламан пачхьалкхаца" кхин дIа а къийсам латто оьшу хьелаш лардан а", - элира Iамеркан агIор Буьйранчаллин центрана куьйгалла дечу Вортмана.

Президенто Эрдогана кхаарин дийнахь дIахьедира, къилбаседа-малхбалерчу Шемахь хьал дикачу агIор хийцаделла цахиларх лаьцна, ма дарра аьллча Вашингтонна ультиматум а хIоттош.

"Тхайн планаш кхочуш ян дуьйлалур ду тхо ши кIира даьлча, нагахь керамазаллин зонаш кхуллуш Iамеркаца бечу белхан жамIаш ца хилахь,- элира туркойн президенто.

Вашингтонехь кхайкхамаш бо, сатухуш хилахьара бохуш.

"Сан ала ду Iамеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ буьззинчу барамехь тидаме эцарехьа ю кхерамазалла хьокъехь Туркойчоьнан нийса болу кхерам хилар. Хала а, чолхе а хаьл хилар тидаме эцча, буьззинчу барамехь дерриг кхочуш дан хан оьшур ю", - боху Вортмана.

Аналитикаша дийцарехь, Iамеркан а, Туркойчоьнан а цкъачунна аьтто ца болу маслаIат каро кхерамазаллин зона кхолар хьокъехь болчу цакхетамашкахь. Эрдоган доза тоха лууш ву Шеман а, Туркойчоьнан а дозанера дIа 40 километр радиусехь. Цхьаболчу хаамашца, Вашингтонна оццул шуьйра хила оьшуш дац аьлла хета туркоша Iуналла дон зона.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG