ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуда Iамеркахо хиларна, даржехь лакхаваккха ца магийна космонавт Маленченко


Оьрсийчохь космонавтиках урхалла дечу Роскосмосо ца магийна комонавташ кечбечу центран буьйранчин гIовс хIотто космонавт Маленченко Юрий. Цуьнан бахьана ду космонавтан зуда Екатерина Iаьмеркан паспорт долуш хилар. Космонавтийн гонерчу хьастанна тIе а тевжаш, и хаам баржийна РИА "Новости" агенталло.

57 шо долу Маленченко 1987-чу шарахь дIаийцира космонавтийн тобане, 1994-чу шарахь дуьххьара вахара космосе. 2003-чу шарахь, иза дуьненна го тосуш, стиглахь волччу юкъанна дIабаьхьира цо зудаялоран барам.

ТIаьхьо Iамеркан паспорт схьаэцна Маленченкон зудчо. Къайлахчу информацица болх бо цо, аьлла довзийтина цунна космонавтикан центран куьйгалхочун гIовс хIотта цамагор. Амма иза гIовсан декхарш ша бечу балха тIехь ишта а ву кхочушдеш, боху Роскосмосо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG