ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

200 сов стаг ловзарга кхайкха мегаш дац Узбекистанехь


Узбекистанан парламентан шина а декъан депутаташа тIечIагIйина дозалшкара барамаш дIабахьаран бакъо, хаамбо Маршо Радион узбекийн сервисо.

Цуьнца а догIуш, тIедогIучу шарахь дуьйна дIа бахархойн бакъо яц зуда ялийначу бараме 200 сов стаг кхайкха. Пилу динчу пхьоре йиш яц гулвала 250 сов стаг. Кхаа дийнал дахдан мегаш дац тезет.

Кхиболу барамаш, тезет доцург, берзо беза цхьана дийнахь, Iуьйранна ялх даьлча боло а мега, сарахь 11 сахьт даьлча бирзина хила а беза.

Диканна гулбеллачийн бакъо яц "къоман Iадаташца ца богIу барамаш хIитто". Къоштийн куьйгалхошна таIзар кхачадо низамо, нагахь санна церан куьйга кIел болчу бахархоша "компактехь, тоъал харж ярца" барамаш берзош ца хилахь.

Оццу кепара ду ловзарш, кхидолу доьзалшкара дика-вон дIадахьарх долу Таджикистанера низам а - иза лела 2007-чу шарахь дуьйна, билгалдоккху Маршо Радион таджикийн "Радио Озоди" сервисо а. Юккъерчу Азин бахархоша совнах харжаш йо ловзаршна, тезеташна, Таджикистанан президента Рахмон Эмомалис оллушехь, юкъадаьккхира и низам пачхьалкхан парламенто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG