ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Магасан мэро дарж дитина


Цечоев Беслан
Цечоев Беслан

ГIалгIайчоьнан коьртачу шахьаран мэран дарж дитина Цечоев Беслана – чекхъялла цунна низамо елла хан. ГIалин кхеташоно тIеэцна оцу хьокъехь сацам, яздо меттигерчу прессо.

«Хьомсара доттагIий! Магасан мэран даржехь тIаьххьара йоза ду ас дийриг. Даима а санна, шуьга ма-дарра олу ас: соьгахь дарж дитарца я дIадаккхарца болу сацам бинарг ву ГIалгIайчоьнан куьйгалхо Калиматов Махьмуд», - яздина Цечоевс Инстаграмехь.

ГIалин куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдан хIоттийна Марзиев Муса.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG