ТIаьххьарчу сахьташкахь Казахстанерчу охьатохархлатархойн дуьненаюкъарчу чемпионатехь толамаш баьхна Къилбаседа ХIирийчуьра Баев Заура а, Сидаков Заурбека а, хаамбо ТАСС агенталло.
ПаргIат кепехь охьалатархойн 70 кийлан категорехь казахстанхо Кайпанов Нуркожа эшорца чемпион ваьлла Баев.
ШолгIачу хIиричо, Сидаков Заурбека (74 кийлан категорехь), финалехь эшийна Италера Маркес Франк Чамисо. Оццу категорехь кхоалгIа меттиг баьккхина Францерчу нохчочо Хаджиев Зеламхас.