ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Росгвардин ши белхахо велла шаьш-шайна тIе куьг а даьхьина


Вологдан а, Ивановон а мехкашкарчу Росгвардин могIаршкахь объекташ ларъечу дакъошкара цхьацца эскархо велла, ТАСС агенталло бинчу хаамца. Хьаькамаш декъера хьал толлуш бохкучу юкъанна, гарехь, шех цIе латийна цхьамма, шолгIаниг велла ша-шена тIе куьг дахьарца.

Хьалхо "Полицин омбудсмен" телеграм-канало информаци яржийра, Вологдана гергарчу Тотьма гIалахь хадечу декъан буьйранча ваьгна, ткъа Ивановохь велла карийна хан декъан куьйгалхо, аьлла. Ший а бохам хилла пIераскана.

Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллера Росгвардин структурашка дехьадехира пачхьалкхера хан дакъош 2016-чу шарахь. Церан белхахоша ха до пачхьалкхан а, долахойн а бахамна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG