ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Холмачалла лелон нах лецна, уьш таIзаре хIиттийна Соьлжа-ГIалахь юха а


Нохчийчуьрчу Хьалха-Мартанахь ши зуда а, цхьа стаг а лаьцна полисхоша, холмачалла лелош хилла аьлла, бехкебина. Шайн гергарчу нахаца цхьана пачхьалкхан "Грозный" телеканалахь эфирехь бехкаш даьхна цаьргара.

Телехьожийлан корреспонденто дийцарехь, 30-х гергга шо а хилла Чакаева Зинас шарлатаналла лелон. Соьлжа-гIаларчу исламан медицинан центран коьртачу лоьро, Iеламчас Эльжуркаев Адама дIахьедина, ша хIинццалц схьа Iорабаьхначу "магашца" дуьстича, Чакаевас Iаламат шуьйрачу кепехь кхочушдеш хилла шен клиентийн хьашташ.

"Тхуна тIебалон нах цхьа корматалла йолуш хуьлу. Йа пал тосуш, йа цхьа кхи холмачалла лелош. Ткъа ахь пал а тосу, тайнигех а, чIурамех а, догIанех а пайда а оьцу. Хьо Дала гучуяьккхина, хIунда аьлча, хьо шайтIа ду", - боху Эльжуркаевс зудчуьнга.

Чакаева Зинас дуьйцу, муха дузо деза жинаш. Цо бахарехь, стоьл тIе юург а хIоттийна, аравала деза. "ШолгIачу дийнахь ерриг а дIайиъна карайо", - боху зудчо. Къаьсттина бежан жижигна тIера ду жинаш боху Зинас, ша жижиг а, хьокхамаш а даадора царна аьлла, тIе а тухуш.

Бехкаш даьхна динан дайша Зине а, цуьнан цIийндега а. "Боллу бех цуьнан цIийнден бу. Нагахь санна, шен зудчун цо доладеш хиллехь, хIара нах цунна тIе оьхур бацара", - аьлла дIахьедо йоьдучу эфирехь исламан медицинан центран лоьро.

Лаьцначу Мутаев ТIахIиран "еххачу ханна дина контракт хилла жинашца" дуьйцу кхи дIа корреспонденто.

"Со кхетта, ас лелориг хьарам хIума хилла. Со дохковаьлла. Кхул тIаьхьа хIара гIуллакх ца лело ас тIелоцу", - аьлла Мутаевс.

КхоалгIа лаьцна ялийначу Зильбухарова Маис дийцина, шен клиентхочуьнга котамна крс а хьакхий, иза кхехкийначу хи чохь лийча аьллера ша аьлла. Цо бахарехь, цунах бахна бIаьрг дIабер хилла тIаккха.

"Шайн дегI а, са а йилбазна доьхкина аша. Шун цуьнца бина барт бу", - бохуш, тIевирзинера Эльжуркаев Адам холмачалла лелочарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG