ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Вийначу Круг Михаилан гIуллакх таллар цхьалхадаьлла аьлла Талламан комитето


Круг Михаилна Тверехь хIоттийна монумент
Круг Михаилна Тверехь хIоттийна монумент

2002-чу шарахь вийначу иллиалархочун Круг Михаилан гIуллакхах йист яларх хаамбина Талламан комитето. Официалехь Круг вийначун цIе а йоккхуш, урхалло дуьххьара ма дарра дийцина оцу зуламах лаьцна.

Хьалхо, велла дIаваллалц набахтехь яккха хан тоьхначу "Тверские волки" зуламан тобан декъашхочо Агеев Александра мукIарло динера Круг верах. Веселов Дмитрий цIе йолчу кхечу тобанхочо вийна иза аьлла, дIахьединера цо.

Талламаш дIахьочу юкъанна Агеевс дийцинера, Круга цIа чохь къола дан Iалашо хиллера шайн, цул тIаьхьа цунна шантаж ян дагахь. Лом цIе йолчу криминалан авторитето тIедиллинера и декхар. Цо бахарехь, шен хIусамехь къола дича, Круга шега гIо доьхур ду, ткъа ша лачкъийнарг юха цунна дIаерзош накъосталла дийр ду. Цул тIаьхьа иллиалархо Ломна декхаре вуьсу, тIаккха кхи дIа йолчу заманчохь шен гонорарех процент кхачор ю цо шена аьлла.

Церан хIусамехь къола дечу буьйсанна Круг а, цуьнан доьзал а цIахь хила безаш бацара. Амма Круг хенал а хьалха шен доьзалца цIа а веана, планаш юкъахъевллера церан. Веселовс шозза ТТ тапча туьйхира Кругна, цул тIаьхьа цигара къайлаваьллера Агеев а, Веселов а.

Круг Михаилан цIа чохь дIаьяхьначу талламан экспериментах видео зорбане яьккхина Талламан комитето.

2003-чу шарахь вийра Веселов, "Тверские волки" тобан декъашхочо, Круган фанато Осипов Александра. Велла дIаваллалц набахтехь хан йоккхуш ву иза а ша динчу кхечу зуламна тIехула.

Круг Михаил верна бехкевийриг велла хиларна Талламан комитето зуламан гIуллакх дIакъевлина.

Тверерчу шен цIа чохь герз диттина Круг Михаил велира дарбан цIийнехь 2002-чу шарахь Товбеца-беттан 1-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG