ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийн регионашлахь уггар а кIезиг къаьркъа молу Нохчийчохь


Дуьнеаюкъарчу FinExpertiza аудиторан-консалтинган машан аналитикаша Iорадаьккхинчу терахьашца, уггар а кIезиг къаьркъа молучу регионашлахь хьалхара ю Нохчийчоь. Талламаш бечу хенахь тидаме эцна 2018-чу шарахь доьхкинчу къаьркъан барам 2010-чу шарахь хиллачу суьртаца а дустуш.

Долчу зерашца, юккъерчу барамехь оьрсийн бахархоша шарахь молу 26, 65 литар корта бахон малар. Ткъа Нохчийчохь молу 0, 1485 литар. 85 регионашлахь бинчу талламашца уггар а тоьлла гайтам бу иза.

Нохчийчоьнна тIаьхьайогIу ГIалгIайчоь а (0,6223), Дагестан (2,331) а.

Къаьркъанна тIера гойту Сахалинан кIошатра а, Ненецкан автономин гонашкара а бахархой - 50 литар молу цигахь болх бан хан йолчу наха. Царна жиммма тIаьхьа ю Карелин Республика – 49 литар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG