ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Стомахин Борис: "Со кийча вара оппозицин лидер хIотта"


Стомахин Борис
Стомахин Борис


"Радикалан политика" бюллетенан редактор хилла Стомахин Борис маьршаваьлла колонера. Иза кхоалгIа хан яра цунна тоьхнарг. Стомахин бехкевинера нах экстремизме кхайкхарна а, терроризм бакъярна а. Шен материалашкахь кхайкхамаш бора карарчу хенахь Оьрсийчохь йолчу режимца ницкъаца къийсаре , гIортор йора нохчийн сеператизмана, къовсаме кхийкхара "оьрсийн оккупанташца".

Стомахина, цо дийцарехь, даима а Iаткъам ловш хилла Перман махкарчу ИК-10 колонехь. Шена тоьхначу 6 шо 10 баттах дукхахайолу хан цо яьккхина ша цхьа стаг латточу камери чохь. И бахьана долуш мацалла а хьегна тутмакхо: Маршо Радион (Оьрсийн сервисан) корреспондент хьажа-хӀотта вахана хилира иза атточу колонехь 2016-чу шарахь.

2017-чу шарахь Стмахин дехьаваьккхира Саратовн кIоштарчу Балашов гIаларчу ТаIзарш кхочушдаран федералан урхаллан набахте, ткъа 2019-чу шарахь тоьхна хан яцйира цунна шина баттана, Криминалан кодексан 282-гIа артикл (цабезам я мостагIалла кхоллар) цхьанадекъана яйинчул тIаьхьа.

Маршо Радион (Оьрсийн сервисо) зорбане яьккхина Стомахин Бориса ша маьршаваьллачул тIаьхьа елла интервью.

– Борис, вайшиъ тIаьххьара гира 2016-чу шарахь Оханан-баттахь. ХIун хийцаделла цул тIаьхьа даьллачу 3 сов шарахь?

– Дуккха битаме хIуманаш хилла. Со цу хенахь мацалла хьегар дIадерзийна воллуш вара. Мацалла хьегначул тIаьхьа прокурораш баьхкира. Пхеа баттахь эха баттахь со Iадвитира, со ШИЗО (таIзаран изолятор) хьежор сацийра, ерриг аьхке тийна дIаяхара, ас хан яьккхира сайн камери чохь, ЕПКТ-хь (камеран кепан чоь -МР).

– Ткъа хIун башхалла ю царна юкъахь?

– ЕПКТ раж цхьана шаре кхаччалц ханна луш Iедал ду. И раж хIоттийча, кхин хIумма а дац, хьой цхьаъ камери чохь Iа хьо. Цу чохь волуш мел кIеззиг а, набахтерчу туьканара хIума эца бакъо ю. Ткъа ШИЗО хьажаво тутмакх 15 де-буйса даккха. Цигахь вуно луьра раж хуьлу, дерриг а дихкина ду цигахь.

Цара 5-зза кхеле делира сан гIуллакх, со къевлинчу набахте хажо гIерташ, нийса документаш кеч ца лора цаьрга. ПхоьазлагIа кхеле бевллача церан аьтто белира со набахтан роже ваккха, иштта 2017-чу шарахь гуьйранна Перман махкара со дехьаваьккхира Саратовн кIоштарчу Балашово гIаларчу луьра зуламаш дина нах латточу набахте. Цигахь 21 бутт баьккхира ас, ткъа тахана маьршаваьлла со.

Стомахин Борис араваьлла Балашоверчу набахтера
Стомахин Борис араваьлла Балашоверчу набахтера

"Из цIена адамах кхардар дара"

– Балашоврачу набахтех лаьцна дийцахьа.

– Цхьа а дика хIума дац цигахь. Суна хетарехь, иза Iазап лелочерах яц. Владимирерчу набахтехь санна еттар а, къизаллаш лелор а цигахь дац. Цигахь тийна а ду, кIеда а ду. Амма цхьа а дика хIума дац цигахь а. Цигахь со хан токхуш вара СИЗО йолчу корпусехь, со цигахь сой цхьаъ латтош вара, Далла хастам болуш.

Ас хьоьга хьалха а дийцира цигахь милла а низамца хIаллаквийр хиларх лаьцна. Низамаш иштта яздина ду, уьш а, инструкцеш а ма ярра кхочуш ян йолийча милла а хIаллаквийр волуш. Соьца, масала, иза дара-кх. Цара соьга элира, омра ду лагершкахь а, набахтаашкахь а, талламан изоляторехь а, кхин йолчу меттигашкахь а талламаш бар хьокъехь. Цу омрица а догIуш, луьрчу рожехь хан токхучу тутмакхана хIора баттахь лаххара а 8-зза талам бу бан безаш. Соьца иштта нислора. 8-зза таллам бора суна сайна, цул сов хIора баттахь массо а тумакхан талламаш беш хуьлу цкъа я шозза. Нислора суна 9-10 таллам бар.

Цара етта ца еттара, амма цара дерриг а тIекIелтасара. Иза цIена кхардар дара адаманна тIехь лелош долу. Иза чIогIа адам кӀезиг хоьтуьйту хIума ду шен кепаца а, чулацамца а. ХIоразза а богIурш бу цхьа батош йолу, суна бовза буьйлабелла нах. ЧубогIий, цхьаъ лоьху сурт хIоттош, дерриг а тIекъелтосу цара, шайна дукха дика хууш доллушехь соьгахь хIумма а йоций, тIоьлгаш а, соьга яздина кехаташ а доцург.

Пхеа минотехь цара дерриг а дIасадаржадо, ас и хIуманаш юха дIанисйо, къепе еш, ши-кхо де даьлча цуьш изза дан юха а богIур буй а хууш. Хьо сийсаз вийриг ду, хIуна хууш хилар ахь деш дерг эрна дуй. Ахь дIанисйо, ткъа цара дIасакхуьйсу.

– Ткъа хIинца хIун дан дагахь ву хьо?

– Дика хаттар ду иза. ХIун далур ду соьга кху системица къийса? Сайна хетачу кепехь, ваха йисина хан кху системица тIом беш дIаяхьа дагахь ву со. Билггал хIун дийр ду, алалур дац соьга, хIунда аьлча суна иза ца хьаьа. Аьттонашка хьажжина хир ду иза. Iер-вахарца доьзна гIуллакх дIанисдан дезаш ву со. Москох дIакхача, чохь Iан меттиг нисъян.

– Хьо Оьрсийчохь виса дагахь ву я махкахваьлла дIаваха дагахь ву?

– Гой хьуна, лаам хилар цхьаъ ду, ткъа иза дадалар кхин ду. Суна лууш хила а мегара (махкахвала), хьул дийр дац ас, амма иза дан аьттонаш бац сан. Суна сецна дуьхьалбевлла доза хадо оьшу паспорт ца луш.

Дукха хан йоцуш сан адвокат хьаьжира, шен аьттонех пайда а эцна, Саратовн кIоштахь суна и паспорт муха доккхур дара. Амма цуьнга наха элира, ФСБ дуьхьал ю аьлла.

– Москох иза даккха вахача, хIун бахьана долуш лур дац хьуна иза?

– ХIун бу бахьана дара цара суна иза 2012-чу шарахь цадаларан? Царна бух карийра хан тоьхна хилар. Лаьцна хилар. Ткъа хIинца а бух бу аьчкабетонан: Iедалш тIехьожуш хир ду суна кхаа шарахь. Суна дика хаьа и бахьана хIумма а доцург дуй, амма дан хIумма а дац сан.

Иза набахтехь санна хIума ду: оперо соьга юьхьдуьххьала цхьаъ олу, со кхеташ хуьлу, цо буьйцург цхьа гIурт хиларх, иза сох кхаьрдаш вхиларх, амма дан хIумма а дац сан, хIунда аьлча цунна тIехьа лаьтташ динна гварди ю чхьонкарш карахь, ткъа со цхьаъ бен вац. Соьга цунна бетах хIума тохалур ю, амма иза бахьана долуш кхин а хан тухур ю суна.

– Ткъа стенах ваха дагахь ву хьо?

– Цкъачунна ца хаьа суна. Тхан нанас суна ша леш дитина ахча лачкъийна Iедало. Иштта дIаяздан мегар ду хьуна. ХIунда аьлча, и ахча Iуьллуш дара Сбербанкерчу сан ненан чоьта тIехь. Иза йеллачул тIаьхьа цуьнан чот формалан кепара сан цIартIе яьллера, ткъа оцу маьIаргонна иза лецира, со террористийн а, экстремистийн а Росфинмониторинган тептарна тIехь ву аьлла.

Сбербанко официалан жоп даийтинера, цу чоьтаца йоьзна операцеш яр дихкина ду аьлла. Цара лачкъийна сан ахча, со веллачул тIаьхьа иза Iедална дIалур долуш ду. Европерчу кхело бинчу сацамца суна догIу ахча дийцича (Европерачу адамийн бакъонашкахула кхело маситтоза сацам бира Стомахинан бакъонаш йохош хиларх лаьцна. Хьарчу Стомахинан гIуллакхехула цунна 12,5 эзар евро далар тIедожийнера Оьрсийчоьнна Страсбургерчу кхело) Юстицин министралло шозза хаам бина иза схьалур ду аьлла. Амма иза доцуш ду. Ас кехат деллера сайн накъостана сайн метта ахча схьаэца бакъо луш, амма цуьнан чоьта тIе ца даьлла иза.

– Москох хьоьга хьоьжуш цхьа а вуй? Накъостий, гергарнаш?

– Мичара бевр бу суна накъостий? Воьлуш-м вац хьо? Сох доглозуш болу нах хила а мега соьга хьоьжуш, со вевзаш болу нах, амма ас юьхьарлаьцначу гIуллакхехула накъостий уьш бу олийла далахь тамаш бу, хунда аьлча ас дакъалаьцна ду ала цхьа а цу тайпана хIумма а дац. ХIумма а дац. Соьца нисделла хьал политикан чулацамехь аьлча буьззинчу барамехь ду "цхьаъ тIеман аренехь тIемало вац" бохург. Со ву-кх тIеман аренехь цхьаъ, суна ца хета сайн накъостий бу аьлла.

"Со иштта цхьаъ бен вац"

– Москох кху аьхка хиллачух лаьцна хIун хета хьуна -- дуьхьалонан акцех, лецарех, харжамех?

– Ас эр дерг баккъалла а эфире доккхур дуй "Маршоно"? Суна хетарехь, ас эр дерг чекхдолуьйтур дац "Маршоно". Со вуно хазахетта ву моттбеттархо Яшин Москох гIалин думан депутат хир воцуш а, цуьнан карьера кхин хьалаер йоцуш а. Суна вевза и накъост, тхойшиъ вевзаш ву 2001-чу шарахь дуьйна, со цуьнан цIахь а хилла. Цо милцошка суна мотт туьйхира со уллехь лаьтташ а волуш, суна а гуш. 2002-чу шарахь Марсхьокху-баттахь цо вовшахтоьхначу цхьана митингехь дара иза. Со цхьа хIун ю ца хуург йоькъуш ву аьлла, мотт туьйхира цо милцошка. Ткъа 2012-чу шарахь цо моттбиттина юкъарваьккхира со Оппозицин кординацин кхеташонан харжамашна. Стомахин дIаваккха веза, ца ваккхахь Собчак юкъарайолуш ю аьллера цо, Собчакна Стомахин мила ву хууш ца хиллехь а.

Стомахин Борис 2006 шо
Стомахин Борис 2006 шо

– ХIун хир ду гергарчу шерашкахь, хьуна хетарехь?

– Цхьа а диканиг хир дац. Со иштта цхьаъ бен вац, сан санна радикалан ойланаш йолу нах бац махкахь. Сталина шен хенахь ягийна ерриг а цIанйира и меттиг, таханлерчу дийне кхаччалц цхьа а хIума дац цу тIехь долуш. ХIунда аьлча 1917 шарал хьалха дерриг а вуно буьрса дара. Эссераш бара министарш а, губернаторш а бойуш, иштта дIа кхин а. Ткъа хIинца… Ас эр ду Буковскийн дешнашца: "Докъазалла ю сий дайначу къоман, хIунда аьлча церан бераш дуьненчу девр ду, телхина а долуш". Иза ю-кх кху мехкан кхане. Церан я сий а дац, я хIумма а дац, уьш кхоьруш бу, цара сурташ доху, уьш текхош бу полисхоша, тIаккха чубухкуш бу, уьш лагере боьлху. Иза дерриг а хуьлуш ду хIумма а ца динчхьана, цара интервьюш ло, шаьш бехк боцуш эшам ловш ду бохуш.

Ца оьшу, дIа а хIиттина, сурташ дохуш Iан, лата деза. Шайн сий лардан деза, кхетий хьо? Лууш дацахь ваха а оьшуш дац, цхьа а кхане а яц цхьанне а кху пачхьалкхехь.

– Яшин ца веза хьуна, со кхийтира, кхин мила ву политикан аренехь? Соболь Любовь, Навальный Алексей?

– Сан вон хьажар ду Навальныйс а, Собола а лелочуьнга. И "тусовка" олу тоба бахьанехь тасавала гIур вацара со. Навальный къайлаха коммунист ву. Цунна хетарг а, цуьнан талламаш а, шен логикан чакхене кхачийча, Шарикон лозунгана тIе гIоьрта – "Дерриг а схьадаккха, тIаккха декъа". Иза ду-кх иза. Люмпенан хьолахошка долу хьегар. Адамашна юкъахь хьоладайшка хьагI коллахь, и нах Iедалхошна а, коррупцин дайшна а бекхам бина Iийр бац, Навальныйна хеташ хила ма маггара. Арадаьлла адам рицкъ дIадаккха гIур ду хьал долчу нахера, уьш муьлш бу ца къестош -- могIарера махбархой я бизнесхой а.

Цул сов, Навальный ша ма варра питанча ву, 21-чу бIешеран мозгIар Гапон ву. Ас чохь 12 шо даьккхина, кхузза хан тоьхна суна, суна тоъал дика хаьа и система болх муха беш ю. Сан олийла ду, ишттаниг хуьлийла дац. Стаг шозза арахь яккха хан тоьхна ву, маьршша лелаш ву, махкал араваьлла лелла. Цул сов, гуш-хезаш дозаллаш дина цо, Испане бIаьргана дарба дайта вахархьамма президентан Администрацехула дехар дина ша шена паспорт доккхуш, макхахвала гIо доьйтуш. Иза ву ша оппозиционер ву бохуш, ткъа зорбан гIирсаша вуьйцу иза режимна кхераме волу Оьрсийчуьрчу оппозицин уггар коьрта лидер волуш санна. Цу тайпанинг хиллане а хуьлийла дац.

Иза баккъалла а волу оппозиционер хилча, цхьана агIор режимна кхераме волу, иза маьрша лелар вацара арахь якккха шозза хан кхайкхийна а волуш, иза дIатакхийна хир вара со такхийначе.

– Ткъа мила ву оппозицин лидер хила хакъ долуш?

– Сан ала таро ю, со кийча вара оппозицин лидер хIотта, нагахь оппозицина иза лууш хиллехь. Со кийча ву. Амма иза оьшуш цхьа а стаг ву аьлла ца хета суна. Кхечерах лаьцна дийцича, суна иза ца хаьа. "Новая газетана" язвелла вара со набахтехь, дерриг а дешара ас иза. Амма, сан кхетамехь, ур-аттал улле ваха а цу тайпа стаг вац. ТIаьххьара мелла а суна хетарехь къаьсташ ерг яра, со декхарелахь вуьсуш йолу, 5 шо хьалха елла Новодворская (Валерия). Иза дIаяьллачул тIаьхьа цхьа а ца го суна.

Автор Сергей Хазов-Кассиа

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG