ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дукха зударий балор официалехь магийта деза аьлла Гайнутдина


Официалехь дукха зударий хилар къобалдан деза аьлла, хьехна юха хаьржинчу Оьрсийчуьрчу бусулба Динан урхаллан куьйгалхочо Гайнутдин Равила."КIезиг бу Оьрсийчохь бусулба боцу божарий, шиъ, кхоъ зуда йоцуш? Кхузахь терзан тIе дилла деза - йа 40 зудчуьнца юьстах вийлар, царех цхьана а кепара жоьпалла тIе а ца лоцуш, масех бер дIа а тесна вахар гIоле ду, йа ши зуда цIартIе а яьккхина, Далла хьалха а, низамашна хьалха а жоьпалла тIе а эцна вахар тоьла?", - аьллачу Гайнутдинан дешнаш далийна "Интерфакс" агенталло. Ша юха даржехь чIагIвинчул тIаьхьа интервью елла Ганутдин Равила "Россия-24" телеканална.

Ишта бусулба Динан урхаллан куьйгалхочо билгалдаьккхина, ша кхеташ ву, Оьрсийчохь дуьненан Iедал лелаш хиларх а, низамаш массара а цхьатерра лардан дезаш хиларх а. Йоллу Оьрсийчоьнан территори тIехь къепе Iалашъярехьа а, КъорIано бохург кхочушдарехьа а ву ша аьлла цо.

Карладоккху, масийттазза Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедира прессехь, Оьрсийчоьнан цхьайолчу регионашкхаь, масала, Дагестагнехь а, ГIалгIайчохь а дукха зударий балорна ша дуьхьал вац аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG