Кхарачойн-Чергазийчоьнан цIарах сенатор лаьттинчу Арашуков Рауфан а, цуьнан ден, "Газпром межрегионгаз" компанин инарла директоран хьехамчан Арашуков Раулан а чохь йоккху хан дIаяхъяр дехна талламчаша. Кхелахойн пресс-гIуллакхойн информацина тIетевжина, бина цунах хаам "Интерфаксо".
Арашуков-жимахверг бехкево ши стаг вейтарна а, зуламхойн тобанехь хиларна а, тешана тIеIаткъамбарна а. Арашуков Рауль таIзаре хIоттийна зуламхойн тоба вовшахтохарна а, "Газпроман" 30 миллиард сом ахча даарна а. Дас а, кIанта а бехкаш тIе ца лоцу. Политикан бух болуш ду боху экс-сенаторо шена дуьхьал долийна гIуллакх.
Федерацин Кхеташонан хIусамехь Дечкен-беттан 30-чохь дIалецира сенатор Арашуков Рауль а. Иза а бехкево зуламан тоба вовшахтохарна а, нах байарна а, тешашна тIеIаткъам барна а.
Цунна тIаьххье Санкт-Петербургехь дIалецира сенаторан да Арашуков Рауф.