ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Террорхойн цхьа тептар вовшахтоха деза Евразехь аьлла Назарбаевс


Казахстанан хилла президент Назарбаев Нурсултан
Казахстанан хилла президент Назарбаев Нурсултан

Казахстанан хиллачу президенто Назарбаев Нурсултана дIахьедина, вовшахтоьхначу дуьненаюкъарчу зуламан тобанех цхьа тептар хIоттон деза аьлла. Евразин пачхьалкхийн парламентхоша кечдан деза и, цо дика жамIаш лур ду терроризмца бечу къийсамехь аьлла хета цунна.

Ишта Казахстанан лидеро кхайкхамбина парламенташка, пачхьалкхийн куьйгалхошна жигара тIеIаткъам баре доьхуш, цаьрга социалан хеттарш листийтарехь.

News.ru хьостано хьалхо яздира, полицино а, ФСБ-но 2019-чу шарахь пачхьалкхан 17 махкахь "Исламан пачхьалкх" шайх олучу тобанхойн гаранаш гучудаьхна аьлла. Билгалъяьхначу регионашлахь яра Ставрополан, Владимиран кIошташ, Москва, Дагестан, Нохчийчо, ишта кхи дIа болу мехкаш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG