ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхо зуда йийначу Дагестанерчу вахархочунна 16 шо тоьхна набахтехь даккха


Дагестанерчу Дербентан кIоштара вахархо Джалилов Бедел бехкевина кхо адам дерна. Нана а, цуьнан кхиазхо-йоI а, шен вешин зуда а йийна цо, хаамбо REGNUM агенталло. 1993-чу шеран гурахь шен 14 шо долчу заманчохь йийна цо шайн эвлара нана а, йоI а. Шен ден топ а эцна шеца доьшуш йолчу йоьIан хIусам чу а ваьлла хиллера иза хIетахь. ХIусамнанна дера чевнаш йинера цо, ткъа цуьнан йоIе чохь мел долу мехал хIума шега схьало аьллера. Ахча а, деши цо шега дIаделлачул тIаьхьа, герз тоьхна иза а йийна, къайлаваьллера Джалилов.

Цул тIаьхьа 25 шо даьллачул тIахьа, маларх а кхетта, шен вешин зуда ен Iалашо кхоллаелла цуьнан. Цунна хууш хилла кхо динчу зуламех, кест-кеста ша нахалавоккхур ву хьо олий, кхерамаш туьйсуш хилла цунна зудчо. Масийттазза диг тоьхна чевнаш йина хилла цо вешин зудчунна, оцу чевнех елла иза.

Кхело набахтехь даккха 16 шо хан тоьхна Джалиловна, ишта цунна тIедожийна зудчун гергарчарна 240 эзар сом компенсаци яла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG