ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу кIоштийн, гIаланийн куьйгалхой хийцалуш бу


ТIаьххьарчу кхаа баттахь ГIалгIайчуьрчу кхаа гIаланийн мэраша даржаш охьадехкина аьлла, хаамбина "News tracker" хьостано. Дуьххьара ша дIаволуш хиларх хаамбира Магасан мэро Цечоев Беслана. Цунна тIаьххье оршотдийнахь даржаш охьадехкира Наьсаран а, Малгобекан а куьйгалхоша Тумгоев Алихана а, Эгиев Сулеймана а. Социалан машанашкахуда дIахаийтина цара шаьш даржех мукъадовларх.

Официалехь даржашкара довларан бахьанаш довзийтина дац цара. Ханна Магасан мэран декхарш кхочушдан хIоттийна Марзиев Мохьмад. Малгобекан куьйгалле ваьккхина ЖКХ-н хьаькам хилла Галаев Муса.

Къастанза ду мила хир ву Тумгоев Алиханан метта Наьсаран урхаллехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG