ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан кхело 920 эзар евро кхачийна Нохчийчохь байначийн гергарчарна


Нохчийчохь полисхоша лецначул тIаьхьа вайначу 10 стагах церан гергарчарна 920 эзар евро компенсаци яла тIедожийна Европан адамийн бакъонийн кхело Оьрсийчоьнна. Кхелан сайт тIехь зорбане баьккхина суьдхойн сацам.

2001-2003-чу а шерашкахь низамаш дохош тIеман декхарш кхочушдечара лецначул тIаьхьа байначийн гергарнаш бу кхеле бевлларш аьлла, яздина ду хаам тIехь.

Кху беттан 17-чохь Нохчийчохь тIепаза вайначу бархI жимчу стеган гергарчу наха а латкъамбина Страсбургерчу кхеле.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG