Украинан Инарла прокуратуре кхайкхамбина бакъонашларъярхоша, Оьрсийчоьно къиза зуламаш лелийна аьлла, бехкевен нохчо Илаев Ахьмад дIацавалар доьхуш. Цара чIагIдарехь политикан бух тIехь ду иза дIавехар.
Шинаридийнахь "Интерфакс-Украина" агенталлан адвокато Ангелов Ивана дийцина, карарчу заманчохь Украинан Инарла покуратура толлуш ю Илаевна экстрадици яр доьхуш Оьрсийчоьно дахкийтина кехаташ, ткъа Илаев ша цкъачунна лаьцна ву аьлла.
Илаевн адвокато бахарехь, Украинехь лецира иза Нохчийчохь стаг вийна цо, бакъо йоцуш герз а лелийна аьлла бинчу хаамна тIехь. Ангеловс дийцина, шен клиент 2008-чу шарахь дуьйна Украине сехьа а ваьлла, Харьковн кIоштахь вехаш хиларх.
"Оха хеттарш динера Интерполе а, Инарла прокуратуре а, чоьхьарчу гIуллакхийн министралле а, царех цхьана инстанцино информаци ца елира тхуна Илаев лаца кхайкхорах лаьцна. И бохург хIун ду, иза дIалоцучу хенахь а, йа хIинца а лехамашкахь вац иза", - аьлла адвокато.
Адвокат кхоьруш ву, ша Iалашвийриг нагахь санна Оьрсийчоьне дIалахь цунна тIехIотта аьтто цахиларна а, цунна тIехь ницкъбарна а.
"Иза дIа ца валийта тхайга далург дийр ду оха", - аьлла адвокато.