ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Ужахов лаьцна витина бух а боцуш аьлла цуьнан адвокато


ГIуран-беттан 25-чу дийне кхаччалц чохь вита сацамбина Ессентукерчу кхело гIалгIайн къоман тайпанийн Кхеташонан куьйгалхо Ужахов Малсаг. СИЗО-ра БуьритIе дIавуьгучу заманчохь вон хиллера цунна боху цуьнан адвокато.

Маршо Радионо яздира, Зазадоккху-баттахь Магасехь хиллачу митингехь дакъалаьцначул тIаьхьа иза лацарх.

"Цхьана а кепара бух боцуш дIаяхйира цуьнан хан. ХIоразза а лаьцнарг чохь вуьтуш хан яхъечу заманчохь керла документаш хила деза кечдина, иза чохь вита бахьанаш билгалдаьхна. Ткъа Ужахов чохь вита сацамбина кхелахоша шайггара, цо цхьанна тIеIаткъамбан тарло аьлла хеташ, кхин керла документаш ца кечдеш аьлла Ужаховн адвокато Куриев Джабраила.

Цуьнан могушалла эшна йогIу дела, адвокаташа дехар динера кхелахошка, иза ша волччахь а витина, видеозIенехула хеттарш дахьара аьлла. Шайн аьтто бац ишта дIаяхьа кхелан процесс аьлла, Ужахов БуьритIе кхачийна хиллера аьлла, яздо "Мемориало".

Куриевс дийцарехь, некъан бохалла цIий чехкадолуш, молханашца иза сецош дIабаханера уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG