ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Трампана импичмент кхайкхоран процедура йолорах хаам бина Конгрессо  


Iамерка -- Конгрессан векалийн Чоьнан спикер Пелоси Нэнси
Iамерка -- Конгрессан векалийн Чоьнан спикер Пелоси Нэнси

Iамеркан Конгрессо дIакхайкхийна Трамп Долналд президентан даржера дIавоккхуш процедура йолош ю ша аьлла. Бахьана ду Зеленский Владимирца телефонехула къамел деш бакъхьа доцуш лелар. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Рейтеран репортажехь.

Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент жоьпе озор, цунна гайта низамал лакхара цхьа а ца хилар. Иштта бахьана хIоттийна Iамеркан Конгрессехь Трамп Доналдана импичмент кхайкхоран процедура йолош.

И процесс дIайолош хиларх лаьцна дIахьедина Конгрессан векалийн Чоьнан спикеро Пелоси Нэнсис шен лерринчу йистхиларехь: "Президентера даьллачо вуно кхерамечу кепехь йохийна Конституци, къаьсттина "ШолгIачу артикло чIагIдо сан аьтто хилар сайна луург дан" цо аларца.

ТIаьххьарчу маситта баттахь тхан комитеташа, хьалхарчу Артикло ма бохху, схьагулбора берриг а хаамаш, мах хадабора импичментан процедура йоло аьтто хиларан.

Ткъа кху кIиранах президенто даре дира, политиканна санна шена пайденна хир йолу гIулчаш яхахьара аьлла, Украинин президенте ша дехар дина хилар. Иза дарца Трамп ямарт хилла ша йинчу чIагIонна, ямарт хилла вайн къоман кхерамазаллина, ямарт хилла вайн харжамийн системина".

Пелоси Нэнсис довзийтина долу реза цахиларш хьакхалуш ду Трамп Доналда а, Зеленский Владимира а телефонехула диначу къамелах. И къамел бахьана долуш чоьхьара таллам бира лерринчу сервисаша, цIе ца яьккхинчу лаккхарчу даржехь волчу Iедалан белхахочо латкъам бинчул тIаьхьа.

Къамел деш, Конгрессехь чIагIдарехь, Трампа юх-юха а Украинин президентан тидам тIебохуьйтуш хилла, рогIера президентан харжамашкахь шеца президентан дарж къовса мегаш волчу Байден Джозефан доьзало Киевехь лелийнарг талла дезаш хиларна.

Дийцарехь, цунна дуьхьал тIеман гIо дийр ду ша аьлла хилла цо.

Трампа чIагIдо, ша дина къамел оьзда дара, иза гойтуш стенограмма арахеца кийча ву ша бохуш. Цо цхьа а Iаткъам бина цахиларх лаьцна дIахьедина Киевехь а. Импичментан процедура йолийна хиларх лаьцна Трампана хиира журналисташкара.

"Cуна ца хезна цунах лаьцна. Уьш убаршна талла эхар ду кхин дIа хьуш. Вуно генадаьлла цу тайпа адам хьийзор ду иза политикан исторехь. Вайниг уггар чIогIа пачхьалкх ю дуьнентIехь, уггар тоьлла экономикан гайтамаш бу кху дерриг а шерашкахь. Ткъа цо импичмент юьйцу.

ТIехула тIе, юккъехула аьлча, цунна охашимма дийцинарг дIаяздина кехат а ца гина. Дина къамел хила ма деззара цӀена дара. Амма цIена доцург дера дара Байден Джос шен кIант хьокъехь телефон еттар. Ткъа иза Китайра а, Украинера а миллионаш долларш оьцуш ву. Цунах лаьцна хIумма а ца дуьйцу аш. Эхь ду иза. Амма дика ду харжамхой цунах кхеташ хилар. Цхьаболчара эр ду иза харжаман кампанина дика ду, амма иза вон ду махкана", - дIахьедар дира Трампа.

Вуьшта билггала импичментах лаьцна дийца цкъачунна хьалхе ду. Йолийнарг кхун хьелашкахь импичмент ян аьтто хир бу я бац бохучун мах хадоран процедура бен яц.

Амма бакъхьара жоп карадахь а, и хаттар дIакховдор ду республиканхой алсам болчу Конгрессан Лакхарчу Чоьне.

Iамеркан президентан харжамаш хила цхьа шо диссинчу хенахь конгрессменаш долийнарг кхиам боцуш дIадерзахь, цо чIагIвийр ву Трамп, Байденан позицеш гIел а еш -- тешна бу аналитикаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG