ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь хиллачу шина некъахьовзамехь нах лазийна


Комсомольское олучу эвлахь 18 шо а кхачазчу кхиазхочо Форд Фокусан урхалла дечу заманчохь некъатIехула дехьаволучу 7 шо долчу кIантана тIе машен тоьхна. Чолхечу чевнашца Соьлжа-гIаларчу лоьмар 2 йолчу дарбан цIийне валийна иза.

Оццу заманчохь ТIехьа-Мартанарчу Закан-юьртана гергарчу Кавказ федералан трасси тIехь а вовшахкхетта ВАЗ-11183 а, ВАЗ-217030 ши машен. Хиллачу некъан бохамехь лазийна ши машенлелорхо ТIехьа-Мартанарчу кIоштан дарбан цIийне дIакхачийна. Оцу шина а инцидентан хьокъехь дIахьош талламаш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG