ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маре йоьдучу йоIаца сурт даьккхина да "кхеле" озийна Кадыровс


Маре йоьдучу шен йоIаца хIусамехь сурт даккхийтинчу Нохчийчуьрчу цхьана дега гечдар дехийтина, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедарш динчул тIаьхьа. Республикан Iедалан белхахошца дIахьочу кхеташонехь Кадыровс емалвина хилла, маре йоьдучу йоIаца сурт даьккхина да, нохчийн Iадаташца догIуш дац цо динарг аьлла. Регионан урхалхочо дIахьедо, нохчийн гIиллакхаш ша цхьанге а дохадойтур дац: "Цундела ваьккхина со санкцийн тептаре" аьлла, тIе а тухуш.

ДIахьедар дина шолгIачу дийнахь социалан машанашкахула видео яьржина, шегара яьллачу ледарлонна къинтIера довлар доьхучу ден.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG