ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчочунна урс даьккхинчу Австрин депутатера мандат дIадаьккхина


Австрин политик, парламентан декъашхо Дёнмез Эфгани депутатан бакъонех ваьккхина, цунна дуьхьал долийначу бехкзуламан гIуллакхца доьзна. Туркойх схьаваьлла политик Мангал-беттан тIаьххьарчу деношкахь 23 шо долу нохчо юкъахь волчу скандале инцидент юкъахь нисвеллера.

Маршо Радионо яздира, Туркойчуьра схьаваьллачу Австрин политико Дёнмез Эфганис (Efgani Dönmez) дIахьедарх, шена нохчочо йиттина аьлла. Kronen Zeitung газетано Iорабаьккхинера и хаам.

Политико бахарехь, Линц олучу гIалахь хилла ю и конфликт, шен жимахйолу йоI вилспет хахка кхо Iамочу хенахь. ТIехволучу цхьаммо туйнаш туьйхира шен йоIана, цул тIаьхьа иза вилспетара чутоха гIоьртира аьлла, дIахьединера политико. Австрин парламентан депутат волчу Дёнмеза, ша урс даьккхира боху, цунна дуьхьало еш. Политико чIагIдо, цул тIаьхьа зуламхо гергарчу букмекерийн гIишлочуьра четар а эцна, шена иза детта вуьйлира бохуш. Оцу меттиге кхаьчначу полицино цхьана ханна дIалецира тIелатархо. Ткъа Дёнмез дарбан цIийне вигинера, пIелг кагбина хилла цуьнан.

Ишта хиллачух кхин верси а яра лелаш. Шеконашка эцначу нохчочо дийцарехь, политик хилла цунна тIелеттарг, дийцина "Кавказ.Реалии" портале Линц гIаларчу полицин векало. Дёнмез уьрсаца шена тIехахкавелира, тIаккха букмекерийн бюро чу иккхира ша, орца деха аьлла нохчо ву бохучо. Цу чохь карадеанчу четарца дуьхьало йира ша агрессица шена дуьхьалваьллачу политикна бохуш, дийцина бехкевинчо. Инцидент зуьйчу юкъанна полицин Iалашо яра талла, стенна лелош хилла политико шеца урс.

Австрин политикашлахь уггар а скандале лоруш ву Дёнмез Эфгани. Меттигерчу хаамийн гIирсийн агIонашкахь дукха хуьлу цунах яздина, расистийн, сексистийн къамелаш цо дарна.

Масала. 2015-чу шарахь мухIажирш а, бусулбанаш а емалбеш цхьа могIа сийсаз дIахьедарш динчул тIаьхьа декхаре хилира иза Баьццарчийн парти юкъара аравала. Цул тIаьхьа канцлер лаьттинчу Курц Себастьяна куьйгалла дечу Австрин халкъан партих дIакхийтира Дёнмеза. 2018-чу шарахь немцойн Социалан-Демократин парти юкъарчу Чебил Савсан сийзазвинчул тIаьхьа, дIаваьккхира иза оцу партера а.

Линц гIалин прокуратурано "Кавказ.Реалиин" корреспонденте бинчу хаамца, Дёнмезера депутатан бакъонаш дIаяха аьлла дехар дахьийтинера пралменте гIуллакх къасточара инцидент хиллачул тIаьхьа, ткъа кху деношкахь жоп делла парламентарийс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG