ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДIатесначу Веданарчу цIа чохь тIеман гIирс карийна


Лаьттах йоьхкина куьйгайина оьккхуьйтург а, реактиван кхо коьчал а, патармаш а карийна Нохчийчуьрчу полисхошна Веданан кIоштахь цхьана юьстахчу цIа чохь. Регионан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло Iорабаьккхина и хаам. Цара дийцарехь, 2014-чу шарахь дIахьочу леринчу операцехь вийначу гIаттамхочух биссина бу и боллу гIирс. Ведана кIоштана чуйогIучу Хорачахь хIаллакйина цхьаерш, ткъа йисинарш экспертизе хьажийна, яздо ТАСС агенталло.

XS
SM
MD
LG