ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен нускална марзолг кхаллийна жимстаг дохковаьлла шегара даьллачунна


Ловзаргахь шен нускална марзолг кхаллийначу Нохчийчуьрчу Хаважи цIе йолчу вахархочо видео яржийна шена гечдар доьхуш. Нохчийн ламасташца зуда ялийначу жимчу стеган бакъо яц шен ловзаргахь дIасахьийза а, той дерззалц шен нускал ган а. Социалан машанашкахь яьржинчу видео тIехь гуш ду, зуда ялийначохь шен нускалца забарш еш волу жимстаг, цунна шен куьйга марзолг а кхаллош. Емалдина цуьнан лелар социалан машанашкахь. Хууш дац билггал, Хаважи бертаза хIоттийна камера хьалха гечдар деха, йа шен лаамехь дIаязйина цо и видео.

"Боьршачу стагехь товш доцу, осал хIума ду соьгара даьлларг. Сайгара цу тайпа хIума кхи долуьйтур дац ас", - бохуш, дIахьедо Хаважис. Цо кхайкхамбо кегийрхошка дайн Iадатех довла мегар дац бохуш. Видео интернете яьккхинчаьрга иза дIаяккхар а доьху жимчу стага, кхи дIа ца яржийта.

Маршо Радионо яздира кхааридийнахь, маре йоьдучу шен йоIаца хIусамехь сурт даккхийтинчу Нохчийчуьрчу цхьана дега гечдар дехийтарх, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедарш динчул тIаьхьа.

Республикан Iедалан белхахошца дIахьочу кхеташонехь Кадыровс емалвира, маре йоьдучу йоIаца сурт даьккхина да, нохчийн Iадаташца догIуш дац цо динарг аьлла. ДIахьедар динчу шолгIачу дийнахь социалан машанашкахула видео яьржина, шегара яьллачу ледарлонна къинтIера довлар доьхучу дас дIаязйина.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG