ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрин полицино лоьхуш ву ненера бераш дIадаьхна Нохчийчуьра вахархо


Нохчийчуьрчу прокуратурано шен тергоне эцна Дубин-Эвларчу Магомадов СаIидан гIуллакх. Австрин полицино бехкево иза, ненера лачкъийна ши кIант дIавигина, къайлаваккхарна. Пхи шо а ду хIара истори йийцаре ен.

Белгородера схьаяьллачу Маркова Ольгас вина хилла цунна ши кIант: Ясин а, Илес а. ШолгIа доьзалхо дуьненчу ваьллачул тIаьхьа дIасакъаьстина хилла и шиъ.

Ольгас дийцарехь, цхьана дийнахь иза ехачу хIусам чу а иккхина, кхуьнан легаш а Iуьйдуш, кхерамаш а тийсина, берийн долара йолуш кехатна куьгяздайтина хилла Магомадовс. Ткъа 2014-чу шеран аьхка шина кIантаца парке воьду ша аьлла, иза Iеха а йина, лачкъийна Австрера араваьккхинера цо шен ши кIант. Полицино цунна дуьхьал даьккхина бехкзуламан гIуллакх а ду.

Магомадов СаьIида чуеллачу искца таллам а бина, Нохчийчуьрчу Шелан кхелахоша кехат кхачийна Австри, Маркова Ольгера ненан бакъонаш дIайохуш. 2013-чу шарахь дуьйна бераш шеца а ду, уьш кхобуш, кхиош а ша ву, берийн ненан цаьрца гIуллакх а дац аьлла, дIахьедина хиллера кхелахошка дас.

Шеларчу кхелахойн сацам чоьте ца эцна Австрин суьдхоша, иза мел бух болуш бу цахаарна. Шен ши кIант шега схьаэца къийсам латтош ю Маркова Ольга.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG