ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Гранд Паркехь" цIеяларх харц хаамаш баржийнарш лахар тIедожийна Кадыровс


Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан
Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана йоьдучу кхеташонехь дIахьедина, харц информаци а, эладиттанаш а даржор дарба оьшу цамгар ю аьлла.

"Йохка-эцаран центрехь цIе яьлла аьлла, хаам кхечи соьга. Цунна тIаьххье аудиош еа-кх, белха а боьлхуш, зударша дуьйцуш, шайн бIаьргашна а гуш цу чохь даьгна бераш ду аракхоьхьуш бохуш. Муха дуьйцур ду доцург? Мел боьха стаг хила веза, цу тайпаниг даржориг", - цецвуьйлу Кадыров.

Ишта ца кхета ша боху мехкан урхалхочо, бахам баьгна, даккхий зенаш хилла нах боьхна хьийзачу юкъанна, яьллачу цIарах вукхеран самукъадаларх.

"Цхьаъ ву видео дIаязъеш "гори, гори ясно" бохуш. Стенах самукъадаьлла цуьнан? Цигахь рицкъ доккхуш, шен доьзална напха латтош волчу цхьанна зен хилча муха воккхавуьйр ву? Нахана бохам хилча самукъадаьлла мел хьийзинарг схьакаро веза",- аьлла Кадыровс.

Нохчийчоь бехъян Iалашонца харц информаци яржош мел верг кара а вина, цунна таIзар дан догIу боху регионан куьйгалхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG