ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хангошвили вийнарг оьрсийн милицин майор хила тарло


Нохчийчохь хиллачу тIамехь гIаттамхошлахь дакъалаьцна Хангошвили Зеламха вийна аьлла, шеконашца лаьцнарг набахтехь даккха 25 шо хан тоьхна оьрсийн милицин майор хила тарло. Подмосковьерчу колонехь хила декхар вара иза хIинца а аьлла, яздо шен талламехь The New York Times газетано.

Байначу беттан 23-чохь Берлинехь вийра Гуьржийчоьнан вахархо Хангошвили Зеламха. Коьртах парик йоьллинчу стага тапча тоьхна вийнера иза. Шеконаш кхоллаеллачу полицино лецира 49 шо долу Оьрсийчоьнан вахархо. Шен йоцчу цIарца даьккхинчу паспортца иза Евросоюзан пачхьалкхе веана аьлла хета талламхошна. Цуьнан билггал йолу цIе хIинца а къастанза юьсу. Иза лаьцначул тIаьхьа анониман кехат кхечира талламчашка, цуьнах информаци тIехь йолуш. Газетан журналисташна хетарехь, кхаьчна информаци бакъ хила тарлора.

Талламчашка ледарчу ингалсан маттахь электронан почтехула кхаьчначу кехат тIехь яздина ду, Берлинехь лаьцнарг – Санкт-Петербургерчу чоьхьарчу гIуллакхийн хилла майор Степанов Владимир ву аьлла. "Проммашинструмент" концернан инарла директор Нещерет Елена ерна а, тIеман гIирс лелорна а 2005-чу шарахь набахтехь даккха 25 шо хан тоьхнера цунна Москварчу кхело.

Шен декъахочуьнца цхьана Степановс йийнера Нещерет иза шен цIа чуьра арайолучу заманчохь, цуьнан чохь къола дича санна, сурт а хIоттош. Зулам дечу хенахь цо пайдаэцна хилла Нохчийчохь тIемашкахь дакъалацарна шена совгIатна деллачу уьрсаца. Европан полицин эксперташа тIечIагIдина, яздо газетан журналисто, Берлинехь лаьцнарг а, Степанов а цхьа стаг ву аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG