ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Юьйр ю бохуш, кхерамаш туьйссушехь"


ГIалгIайчохь лар йоцуш яйна Алиева Марем
ГIалгIайчохь лар йоцуш яйна Алиева Марем


Европан адамийн бакъонашкахула кхело цхьалхабаккха болийна ГIалгIайчоьнан яхархочо Алиева Лизас бина латкъам. 2018-чу шарахь Чиллан-баттахь, нуьцкъала ядийна хилла и жима зуда Страсбургерчу кхеле елира, ша ядорна бехкенаш, цхьа а таIазар а ца деш, маьрша битина хиларна.

Цул хьалха, 2017-чу шарахь, Европерчу кхеле Алиева Лизас кхин цхьа латкъам бинера шен йиша Марем ер хьокъехь. Цунна гIо деш болчу "Правовая инициатива" проектан юристаша дийцарехь, Страсбургерчу кхело хIинца цхьаьнатоьхна и ши гIуллакх.

Алиева Марем марехь хилла ГIалгIайчуьрчу вахархочуьнгахь Евлоев Мухьарбекехь. Церан кхо бер а ду. Мареман йишас Лизас дийцарехь, майрчо ялийначу хаьлхарчу деношкахь дуьйна етташ хьийзош хилла иза.

Маситтоза яда гIоьртина а хилла зуда, амма хIоразза а майрачо карайой цIаерзош хилла. 2015-чу шарахь Евлоев а, цуьнан гергара нах а чулилхина хилла майрачух еддачу Мареман йиша Алиева Лиза ехачу хIусамна. Марем йолу меттиг схьайийцита, машена а хаийна, шайца дIайигина хилла иза цу наха, герзаца кхерам а тесна.

ГIовгIа хезначу лулахоша полице хаам бина жима зуда дIайигарх лаьцна. ТIаьхьабевлла полицин белхахой хаабеллачу Мухьарбека охьайоссийна хилла иза.

Хилларг бахьана долуш бехктакхаман гIуллакх луьстуш кхел реза ца хилира Евлоевна таIзар дан, Алиева Лиза цо шен лаамехь дIахецна хилла аьлла. Оьрсийчоьнан Лаккхара суд тIетайра ГIалгIайчуьрчу кхелашна.

Иштта, тидам а ца беш, битина хилла майрачо шена а, шен берашна а етта аьлла Марема бина латкъам. 2015-чу шеран Гезгмашин-беттан 19-хь Марема телефон тоьхна хилла йишега, шайн доьзалехь рогIера дов даьлла, шайга баьхкина нах бу аьлла. Ах сахьт даьлча ша телефон схьа ца эцахь полици кхайкхар дехна хилла Марема шен йишега. Цул тIаьхьа иза я гина а, я хезна а стаг вац.

Алиева Лиза лачкъорна долийна бехктакхаман гIуллакх толлуш Мухьарбека маситта бутт баьккхира лаьцна. Алиева Марем ер хьокъехь толлучу гIуллакхехула иза юкъахь а вац бехке хила мега аьлла хьехочу нахана.

Доьзалехь ницкъ лайна зуда ер дуьххьарлера цу тайпа гIуллакх ду ГIалгIайчуьра хьовха Оьрсийчуьра латкъам бина Европан кхело цхьалхадаккха долийна долу, боху "Правовая инициативан" адвокато Гнездилова Ольгас. Цо дийцарехь, юьйр ю бохуш, шена кхерамаш туьйсушшехь, иза таллалц юха ца яьлла Алиева Лиза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG