ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьно Шема ягорг кхехьарна санкцеш тоьхна Iамерко


Шемахь куп тоьхначу оьрсийн эскаршна авиацин мехкадаьтта латторна Цхьанатоьхначу Iамеркан Штаташа шаьш Оьрсийчоьнна тоьхна санкцехь кхи тIе а шорйина. Maritime Assistance компани а, Оьрсийчоьнан кхо вахархо а, пхи оьрсийн хIордкема а ду тептарна юкъадахнарг. Iамеркан финансийн министраллан официалан сайтехь бина цунах хаам.

Maritime Assistance фирма хьалхо Iамерко санкцеш тоьхначу "Совфрахт" компаница йоьзна лору министралло. Стохка аьхка цуьнан векалш – пхи Оьрсийчоьнан вахархо а, шемахо а бехкевира, Iамеркан санкцеш тIехтаса Iалашонца бартбарна а, ягорг латторна а. ХIеттахь Шемарчу ягорган шина инспекторна а бехкаш дехкира.

Еаридийнахь Iамеркан финансийн министралло Iорадаьккхинчу тептарехь ву хьахийначу "Совфрахт" юкъара Окороков Иван а, Степанян Карен а, Логинов Илья а.

Ишта санкцеш юкъахь ду оьрсийн "Язь", "Сиг", "Судак", "Пассат", ОТ-2077 хIордакеманаш а.

XS
SM
MD
LG