ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Маре йоьду вешин йоI декъалйинчу девашас шена къинтIера довлар доьху


Шен маре йоьду вешин йоI декъалйинчу Нохчийчуьрчу девашас а гечдар дехна. Цо бахарехь, дайн Iадаташ дохон декхаре вацара иза.

"Социалан машанашкахь яржийначу видео тIехь нускална уллохь лаьттарг со ву, цуьнан деваша. Вайн Iадаташца а догIуш, да а, ваша а лачкъа везаш ву чуьра йоI маре йоьдучу дийнахь. Соьгара ледарло яьлла. Цундела шуьга кхайкхамбо ас, цу тайпаниг шайгара ма далийта аьлла", - дIахьедо видео тIехь деваша ву ша бохучо.

Чуьра зудабер нехан цIартIе доьдучу дийнахь "ледарло" яьллера шайгара, цундела гечдар доьху аьлла, дIаязйина, Iораяьккхинарг хIара кхоалгIа видео ю.

Маршо Радионо яздира кхааридийнахь, маре йоьдучу шен йоIаца хIусамехь сурт даккхийтинчу Нохчийчуьрчу цхьана дега гечдар дехийтарх, мехкан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедарш динчул тIаьхьа.

Цунна тIаьххье, ловзаргахь шен нускална марзолг кхаллийначу Нохчийчуьрчу Хаважи цIе йолчу вахархочо а видео яржийра, шена гечдар доьхуш. Социалан машанашкахь яьржинчу видео тIехь гуш ду, зуда ялийначохь шен нускалца забарш еш волу жимстаг, цунна шен куьйга марзолг а кхаллош. Емалдинераа цуьнан лелар социалан машанашкахь. Хууш дац билггал, Хаважи бертаза хIоттийна камера хьалха гечдар деха, йа шен лаамехь дIаязйина цо и видео.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG