ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайн блогерца юкъаметтигаш къастон ваханера нохчийн спикер


Нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад
Нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад

Блогерца юкъаметтиг къасто Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозане веана хилла нохчийн парламентан спикер Даудов Мохьмад. Масех паблико видео яржийна, мила ву ца хуу цхьа блогер схьаваре ша хьоьжу ши сахьт хан ю бохуш, спикеро дIаязйина. Социалан машанехь ша сийзазвен комментареш язйина, блогеро шена дуьхьалвола аьллера шега боху Даудовс.

"Муха ю хьан цIе? Басер ву хьо йа мила ву? Хьо кхузарчу дозане тIевогIур ву ма аьллера ахь соьца цхьаъ листа. Ши сахьт ма ду ас хьо ларвен. Шайн республикан доза гой хьуна? Хьажал, нохчийн агIо ю хIара (гойту камера дIасахьийзош). Со гIалгIайн дозан тIехь ву", - боху видео тIехь спикеро.

Шен къамелехь масийттазза дастаме, маьттаза вистхуьлу Даудов.

"Хьуо боьрша хIума хиллехь, цу кепара йозанаш дийр дацара ахь. ХIинца хиин хьуна, хьуо хIун ю а, мила ву?! Со кхузахь лаьтташ ву. Хьо стаг велахь, тIевола", - бохуш, боьха мотт лебо нохчийн спикеро.

Билгалдаккха догIу, гIалгIайн дозане вахале хьалха махкарчу "Грозный" телеканалан эфирехь Даудов Мохьмада дийцадаьккхинера Нохчийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанехь бинчу бертах лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG