ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен махкахо вийначунна чохь яккха хан тоьхна Нохчийчохь


Нохчийчуьра И. Асланбек бехкала воьллина, меттигера вахархо а вийна, зулам динчу меттигера къайлаваларна. Кхелахоша 9, 9 шо хан кхайкхийна цунна набахтехь даккха, хаамбина REGNUM агенталле регионерчу прокуратурехь.

Машен чохь хиина Iачу шина накъостан дов даьлла хилла вовшашка хиллачу цабезамна. Шена вас йинарг вен Iалашо лаьцна Асланбека. Садукъийна иза вен а вийна, цуьнан дакъа лаьттах доьллина, ведда хилла иза. Полисхоша дIабаьхьначу оперативан барамашкахь дакъа карийначул тIаьхьа, ша динчуна къаро йина Асланбека.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG