ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Муцураевн илли зорбане даьккхинчу студентах гIуда хьарчийна


Нохчийн бард Муцураев Тимур
Нохчийн бард Муцураев Тимур

Экстремистийн материалаш яржорна бехкевина Къилба ХIирийчуьра студент. Социалан машанерчу цуьнан агIон тIехь нохчийн бардан Муцураев Тимуран 2014-чу шарахь Оьрсийчохь дихкинчех "Сады нас ждут" илли хааделла хилла полисхошна. Оьрсийн зуламан кодексан 20.20 артикл йохийна аьлла, тIечIагIдинчу кхело тидаме эцна оцу кIентан цу деношкхаь бен 18 шо кхаьчна цахилар. Оцу бахьанашца 1000 эзар сом гIуда а текхна, валийтина иза аьлла, хаамбина "Кавказ.Реалии" портале Къилба-ХIирийчоьнан Лакхарчу кхелан пресс-гIуллакххоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG