ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туристашна визанаш ялар долор ду СаIуда Iаьрбийчоьно


Дуьххьара туристийн визанаш яла йолор ю СаIуда Iаьрбийчоьно. 40 пачхьалкхан бахархойн таро хир ю онлайнехь уьш схьаэца, 80 доллар мах а луш. Цкъачунна мехкийн цIераш зорбане яханза ю. Reuters агенталло бина цунах хаам.

Меккерчу а, Мединерчу езачу меттигашка кхача таро хир яц туристийн. Оцу Iалашонца даим а санна зияртхочун виза яккха еза цара.

Корта бахон маларш мийла а могуьйтур дац кхечу пачхьалкхашкара чубаьхкинчу нахана. Амма йиш хир ю туристийн-зударийн паччахьалле хьовса баха улло ваьлла борша стаг а воцуш, Iарбойн еха кучамаш лелор а хир дац царна тIехь.

ХIинццалц СаIуда Iаьрбийчу баха аьтто бара туристийн транзитан визаца. Мел дукха Iийча а кхаа дийнахь бен цигахь хан яккха таро яцара церан хIетахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG