ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Свобода Радион президент: "Оьрсийчоьно новкъарло йо тхан коллегашна"


Свобода Радион медиакорпорацин президенто Флай Джеймис дIахьедар дина, пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIертар толлу бохуш, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан комиссино шен леларца бахархойн йозуш йоцчу хаамийн хьостех пайдаэцарна дозанаш детта аьлла. Iедалша хIотто бакъо ца еллачу Москварчу митингехь дакъалаца аьлла, халкъе кхайкхамбина, Германин Deutsche Welle медиакорпорацино низам дохийна аьлла, пачхьалкхан Думас бинчу сацамех вистхилла Флай.

"Бахархошна интересе болчу хиламех дуьйцуш, шайн болх кхачам боллуш бечу тхан кхечу пачхьалкхашкарчу журналисташна Оьрсийчоьнан Iедалша диллина тIелатарш до. Оьрсийчоьнан бахархойн бакъо ю йозуш йоцчу хьосташа шайн махках лаьцна дIакхачочу информацех пайдаэца, ткъа Думас церан бакъонашна дозанаш детта", - аьлла Флай Джеймис.

ТАСС агенталло пIераскандийнахь хаамбира, пачхьалкхан Думас бинчу сацамех. Цу тIехь чIагIдо, Deutsche Welle газетан Къилбаседа Кавказех публикацешкахь экстремизмех долу низам хьаьшна аьлла. Комиссин куьйгалхочо Пискарев Василийс дехар дийр ду арахьарчу гIуллакхийн министралле, Deutsche Welle хьост аккредитацех даккха аьлла, хаамбина Новости агенталло.

Ишта дагахь бу уьш корпораци "арахьарчу агентийн" могIаре яккхар доьхуш, юридикан министралле дехар дан а. Deutsche Welle газетан оьрсийн сервисо хаамбина, Москвахь хиллачу протестхойн акцех твиттерехь язйина артикл экспертизе яхьийтина аьлла, хаамбина "Интерфаксо".

Пачхьалкхан чоьхьарчу гIуллакхашна юкъагIертарна бехкедина Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министралло Deutsche Welle хьост. Байначу убеттан 19-чохь комисси вовшахтуьйхира Думехь инцидент талла. Шайн рогIерчу кхеташоне газетан векалш кхайкхийнера депутаташа, амма бехкаш тIе ца дуьту Deutsche Welle дуьхьал хилира цигахь дакъалаца.

ПIераскандийнахь пачхьалкхан Думан комиссино сацамбина, низамаш талхиний хьожуш, кхин а масех хаамийн гIирсийн материалаш луьстур ю шаьш аьлла. Юьйцурш ю оьрсийн Би-би-си, "МБХ медиа", "Голос Америки", Радио Свобода, телеканал "Настоящее Время", "Медуза".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG