ГIалгIайн политикан тутмакхаш дIахецар тIедожош, пIераскандийнахь Санкт-Петербургехь цхьааллин пикет дIаяьхьна. ГIалгIайн тутмакхийн цIераш тIеязйина плакат а карахь Неван проспектехь лаьттира меттигера жигархо Кен Марина.
"Питерехь тхо вест-кеста арадовлу бакъонашIалашъяран пикете, тIаьххьарчу хенахь коьрта тема хилла дIахIоьттина – политикан тутмакхаш. Кхин дIа а царех дуккха а дуьйцуш, даржон гIуртур ду тхо. Къаьсттина тидам тIебахийта луур дара ГIалгIайчоьнна. Хаамийн гIирсашкахь ледара дуьйцу царех лаьцна, цундела терго йоцуш бита йиш яц и нах", - аьлла "Кавказ.Реалиига" Кен Маринас.
Жигархочо дийцарехь, нах соьцура, цуьнгарчу плакат тIера йозанаш дешархьама. 33 стеган цIе яра боху цо цу тIехь билгалъяьккхина. "Цхьаболчарна хезна хиллера гIалгIай лецарх, шаьш кIирандийнахь тхох схьакхетар ду олура цара, пикетехь дакъалаца. Негативе реакци янне а яцара. Дуккха а бара доглозурш а, кхеташ берш а", - дийцина жигархочо.
ЩолгIа плакат Саутиева Зарифана лерина хиллера. "Шийлачу Москварчу аьхкенал а хьалха Магасехь гуьйре а, бIаьсте а хилла. Маьршабаха гIалгIайн тутмакхаш! Маьрша яккха Саутиева Зарифа" хилла яздина шолгIачу плакат тIехь.