ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Украинехь лаьцна Илаев Интерполон тептарехь вац аьлла цуьнан адвокато


Украинерчу полицино Оьрсийчоьнан Талламан комитетан дехарца лаьцна Нохчийчуьра 33 шо долу вахархо Илаев Амхьад Интерполон лехамашкахь вац. Цуьнан адвокатан Ангелов Иванан информацица, Украинерчу адвокатийн хаттарна жоп луш, Лионерчу Интерполон офисан урхалхочо куьйгъяздинчу жоьпехь бина цунах хаам.

"Лионера кхаьчна тхоьга ишта кехат. Цо тоьшалла до, Илаев Украинерчу полицига Оьрсийчоьно тIедилларца лаьцна хилар", - хоуьйту Ангеловс.

Цо билгалдаьккхина, Инарла прокуратуре а, Илаевн гIуллакхна тIехула экстрадицин таллам бечу Харьковн кIоштан прокуратуре а ша кехаташ дахьаийтарх, ситуацех кхетор доьхуш.

"Оьрсийчуьра даьхкина кехаташ луьстуш ду шаьш боху цара. Шаьш иза дIа ца велча ца довлу, хIунда аьлча, тIаккха Оьрсийчоьно цигахь хьулбелла шайн зуламхой схьалур бац боху цара. Оьрсийчоьно ишта а схьа луш бац Украинехь кхел йина, гоьбевлла политикаш ас аьлча, цкъа мацца белла а лур бу элира соьга", - дуьйцу адвокато.

Дахначу еаридийнахь Харьковн кIоштан кхело кхин а шина баттана Илаев лаьцна вуьтуш сацамбина.

Маршо Радионо яздира, Илаев Амхьад Украинехь лацарх, цо Нохчийчохь стаг вийна, бакъо йоцуш герз а лелийна аьлла, Оьрсийчоьно еллачу информаци тIехула. Адвокато Ангеловс чIагIдарца, 2008-чу шарахь дуьйна Украине сехьа а ваьлла, Харьковн кIоштахь вехаш хилла Илаев.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG