ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишна ахча латтош хилла тоба дIалаьцна Москвахь


"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошна ахчанаш латтош хиллачу, ткъе иттех стаг юкъахь а волуш Москвахь вовшахкхеттачу машанех бинчу талламах керла хаамаш бовзийтина "Коммерсант" газетано. Йохка-эцаран "Горбушка" цIе йолчу центрехь лелийна телефонаш юхкучу жимчу стага долийна хилла ахчанаш вовшахдеттар. Мисара доьдучу Оьрсийн кеманна теракт дар бахьана долуш ца дIакхачанза висина хилла иза Шема. ГIебарта-Балкхаройчуьра Бегиев Алим ву, дийцарехь, Москварчу Талламан комитетан белхахошна хаавеллераг.

2015-чу шарахь Шемарчу даIишхойх дIакхета Iалашо хилла цуьнан. Кхиберш санна Туркойчухула ца воьдуш, Мисарехула дехьавала ойла хилла цуьнан. Оццу заманчохь Синайн ахгIайритIехула доьду "Когалымавиа" компанин А321 кема эккхийтира, цу чуьра 224 стаг а леш. Меттигерчу Iедалхоша динарг теракт дацара баьхнехь а, Бегиевн а, кхиболчу шеконашка эцначу нехан а цу тIехула проблемаш гIиттира полицица. Бегиев шен даймахка юхаван вийзира. Делахь а, талламчийн шеконаш ю, "ДАIИШ-ан" векалшца Мисарахь цхьанакхетта хила тарло Бегиев аьлла. Цара хьехна хила тарло боху, тIамтIе а ца воьдуш, шайн хьашташна ахчанаш гулде аьлла.

Цхьан хан яьлча Бегиев Москва воьду, цигахь "Горбушка" центрехь балха а хIутту иза, юкъ-кара ахча лун долу нах а лоьхуш. Оцу Iалашонца WhatsApp-ехь группа вовшахтуху цо, ишта ламазан чоь а схьайоьллу йоккхачу туьканахь.

Дийцарехь, Москван кIоштарчу Кокошино эвлахь цIа хилла тобанхоша лаьцна, цигахь вовшахкхетий, къамелаш деш, "Исламан пачхьалкхна" ваIда а деш. ФСБ-н белхахошца цхьана чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан аьтто баьлла тIекхиа, хIора баттахь Бегиевна а, цуьнан гонерчу нахана а иттанашкахь нахера ахчанаш кхочуш хиллийла.

Ву царлахь Москвахь таксхочун болх бен Нохчийчуьра вахархо а. Бегиев полисхоша дIалаьцначул тIаьхьа, цуьнца боьзна хилла нах маса дIасабевлла хилла, Къилбаседа Кавказехь лачкъа дагахь. Росгвардин спецназо дIалецна уьш а. Цкъачунна каравеанарг ву исс стаг, царех дукхахболчара бехк тIелаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG