ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамеркан Украинерчу леринчу векало дарж охьадиллина


Зеленский Владимир, Байден Джо, Трамп Дональд (коллаж)
Зеленский Владимир, Байден Джо, Трамп Дональд (коллаж)

Украинехь хиллачу Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн леринчу векало Волкер Курта дарж охьадиллина, яздо Ассошиэйтед Пресс а, Рейтер а агенталлаша. Iамеркан иччархойн урхаллерчу цхьана анониман белхахочо президенто Трамп Доналда тIеIаткъам бина хила тарло Украинан президентна Зеленский Владимирна аьлла, артикл зорбане яьккхинчу шолгIачу дийнахь дIатесна цо шегара дарж.

Документца а догIуш, Трампа дехар динера Зеленскийга, Iамеркан вице-президент хиллачу Байден Джонан кIанта Украинехь бинчу балха тIехь талламбе аьлла. КIайчу цIийнан урхалхо тешна ву, Байденан кIант Украинерчу коррупцех воьзна ву аьлла.

Байден Джо – 2020-чу шарахь хинболчу президентан харжамашкахь дакъалоцур долчех ву. Конгрессерчу демократашна хетарехь, хьайн гонашкахь коррупцин зIенаш лаха бахар кхечу пачхьалкхерчу харжамийн процессна юкъагIортар санна лоруш ду.

Iамеркан президентна Трамп Доналдна импичмент кхайкхоран процедура йолийна Конгрессан Лахарчу палатано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG