КIирандийнахь президент къастош кхаьжнаш тийсар дирзина ОвхIанистанехь. Пхи эзар гергга харжамийн куп яра болх беш цу дийнахь. Коьртачу кандидаташлахь вара карарчу хенахь президент волу ГIани Ашраф а, премьер-министр Iабдулла Iабдулла а.
Кхаьжнаш тийса буьйлабеллачул тIаьхьа лелхийтарш дира масех куьпахь. Мел лахара а пхи стаг вийна, иттанашкахь нахана чевнаш йинера. "Талибан" олучу радикалан тобано жоьпалла шайна тIелаьцна динчу зуламех.
Харжамийн де герга кхачале тIалибаша дIахьединера, шаьш кхаьжнаш тасар юкъахдоккхур ду, бахархошка кхаж таса ма гIо аьлла, кхайкхамбеш.
Тергамчаша дйцарехь, тIалибаша тIелетарш дарна кхоьруш, кIезиг бахархой баьхкина кхаьжнаш тийса.
Экстремистийн "Талибан" боламан режим 2001-чу шарахь йоьжначул тIаьхьа 4-гIа президентан харжамаш бу дIабаьхьнарш.
Закаев ву нохчийн 1едал, и д1авуьг1аш берш оьрси 1едал ду
"Байден" вац Биден {Biden} ву!
quordavina i shu zhughurg, qhin diica humma ca kara do shun?
Дал этто бойла вайн массарнаъ