ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара а, Иракъера шайн 235 вахархо цIаверзош ву Узбекистанан Iедалхоша


Шемара а, Иракъера а шайн 235 вахархо цIа вало дагахь бу Узбекистанан Iедалхой. Кхерамзаллан Кхеташонан гуламехь дIахьедина цунах арахьарчу гIуллакхийн министро Камилов Iабдулазиза.

"Тахана Иракъера 65 бер а, Шемара 170 стаг а цIаван ларвеш ду тхо. Дуьненаюкъарчу организацийн а, Гергарчу Малхбалехь хуьлучу процессашна юкъахь йолчу пачхьалкхийн а накъосталла оьшу тхуна. Къаьсттина, ООН-ан Кхерамзаллан Кхеташонан декъахошкара гIо оьшу",-аьлла Камиловс.

Узбекистанан тоъал зеделларг ду Шемара а, Иракъера а цIабалийначарна реабилитаци ярехь, цундела юкъарлонаш лело а кийча ду шаьш аьлла министро Камиловс.

Кху шеран Стигалкъекъа-беттан 30-чу дийнахь "Добро" цIе йолчу гуманитаран операцин гурашкахь тIемаш лаьттачу мехкашкара Узбекистано даймахка верзийна шайн 156 вахархо, доккхачу декъанна зударий а, бераш а.

Операци дIахьош доккха накъосталла дина царна ЮНИСЕФ-о а, ЦIечу ЖIаро а, дуьненчуьрчу организацеша а, цхьа могIа пачхьалкхаша а.

Меттигерчу хаамийн информацица, цхьаболу Шемара цIабалийна махкахой кхеле озийра, бисинарш реабилитацин курсах чекхбохуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG