ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишна ахча латторна набахтехь даккха 30 шо тоьхна Iамеркан кхело Узбекистанерчу вахархочунна


"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн юкъархошна ахчанаш латторна Нью-Йоркерчу бехккъасторхойн кхело бехкевинчу Узбекистанера схьаваьллачу Касымов Дильхаетна набахтехь даккха 30 шо хан кхайкхийна. 2015-чу шеран Охан-баттахь Бруклинерчу федералан кхело бехкаш кховдийнера Касымовга. Суьдхойн версица, 2015чу шарахь кхин цхьана узбекхочуьнца Хабибов Аброрца цхьана 1600 долларшкахь ахча гулдина хилла цо, Казахстанан вахархочуьнга Саидахметов Ахроре дIакхачон дагахь. Ткъа иза шен накъостца Гергарчу Малхбалера даIишхойх дIакхета ваха Iалашо йолуш хилла.

2015-чу шеран Дечкен-баттахь лецира Саидахметов Нью-Йоркерчу аэропортехь Туркойчу доьдучу кеман тIе хаа воьдучу заманчохь. Иза лоцучу хенахь ахча а хиллера цуьнгахь.

Кхелахойн документашкахь яздина ду, Саидахметовга ахча ша далар Касымовс бакъдар. Иза Шема ваха гIертий а хаьара шена аьлла цо.

Лурчаха Iай Бруклинехь вехаш хилла 22 шо долу Саидахметов Ахрор кхеле хIоттийра, 15 шо хан а тухуш. Нью-Йоркан прокуратурано бахарехь, шена тоьхна хан текхна ваьлча Iамеркара аравоккхур волуш ву иза.

Саидахметовца цхьана лаьцначу кхечу Узбекистанерчу вахархочунна Джурабаев Iабдурасулна а тоьхна Iамеркан кхело набахтехь даккха 15 шо.

Керланаш

XS
SM
MD
LG