ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Интернетехь полисхой сийсазбарна гIуда тохар юкъадаккха дагахь ю Оьрсийчоь


Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министралло керла низаман проект кечйина, полисхой интернетехь "сийсазбарна" а, "цаларарна" а, "церан сий дойуш" хаамаш Iорабахарна а административан гIуда тохар юкъадоккхуш.
Бакъонан актийн порталехь зорбане яьккхина низаман проект, цкъачунна йийцареян пачхьалкхан Думе дIакхачонза ю.

Проектан дийнна текст зорбане ца яьккхина, карабогIу бутт бале юкъараллехь цунах хетарг девзинчул тIаьхьа кхи дIа болх бийр болуш бу цу низам тIехь.

Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллехь тешна бу, 2020-чу шеран хьалхарчу баттахь дуьйна низам лелаш хир ду, нагахь санна парлмаментехь тIеэцахь аьлла.

Низам дуьххьара дохийначунна 30 эзар соьме гергга гIуда тухур ду, нагахь санна, шолгIа ледарло ялийтахь - 200 эзар соьме хьаладер ду гIуда, йа чохь даккха 15 дей, буьйсий хан тухур ю, дийцарехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG