Кхушеран хьалхарчу 6 баттахь Нохчийчохь хилла 70 сов пачхьалкхера туристаш. Цунах лаьцна дийцина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана, Дерригдуьненан туризман денна хьажийначу шен хаамехь.
Кадыровс чIагIдарехь, цо юьйцучу хенахь верриг а республикехь хилла 100 000 сов турист. Статистико гайтарехь, Нохчийчу баьхкинчу кхечу мехкашкарчу нехан терахь алсамдаьлла 60%, боху Кадыровс.
Нохчийчоьнан куьйгалхочунна хетарехь, республике богIучу нехан тидам тIеозораш ю "Къоьзан-Iам" спортан-туризаман комплекс а, Органан чIож а, Бена а, ГаланчIожан кIошт а.