ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Керта тIехь Путинах йоза дитина вахархо лаьцна Петарбухехь


Вандализм лелорна меттигера вахархо лаьцна Петарбухерчу полицино. Низамаш лардон органийн версица, 42 шо долчу Соколов Игора Михайловн ЦIийнан керта тIе сий дойу йоза дитина хилла, президентан Путин Владимиран а, Федералан кхерамазаллин сервисан а цIе а хьахош. Цунах лаьцна хаам бо "Фонтанка" зорбан гIирсо.

Йоза гучудаьллера керта тIехь кIирандийнахь. Соколов лецира сарахь, иза веха меттиг билгалъяьккхира тергонан камераша дIаязйина видео а теллина. Бехкевийриг реза ца хилла ша динарг кхето.

Полицино бинчу хаамца, и тстаг вац политикан жигархо а, митингашкахь а гина а, амма кхел йина хилла цунна алименташ дIа ца яларна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG