ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Латкъам бина Карелерчу набахтехь латточу Нохчийчуьрчу тутмакхо


Карелерчу колонехь хан токхучу Нохчийчоьнан вахархочо Дадаев Беслана латкъам бина, шега ламаз ца дойту аьлла, яздо "Кавказский узело". Дадаевн йишас Зинас чIагIдарехь, колонин администрацица кхечу тутмакхаш лелориг дуьйцуш юкъаметтигаш лело реза ца хуьлу бохуш, етташ а, карцерехь латтош а хьийзош ву иза.

Дадаева Зийнас бинчу хаамца, 2002-чу шарахь лаьцначу цуьнан вешина, стаг верна бехке а вина, хан туьйхийра 2003-чу шарахь Стигалкъекъа-баттахь. Тутмакх колонехь латтийна цкъа дуьххьара Ставрополан махкахь, цул тIаьхьа Владимиран кIоштахь.

Дадаевн бохамаш буьйлабелла Карелерчу колоне дехьаваккхарца. Йишас дийцарехь, кхечу тутмакхаша маьттаза къамелаш до цуьнга, оьзда йоцу бага а лейо леррина дов даккхар Iалашонца.

Дадаевн адвокато Василькова Натальяс "Кавказский узеле" бинчу хаамца, тутмакхан гергарчара прокуратуре а, кхечу органашка а латкъам ца бина колонин администрацино цуьнца вовшахкхетар шайна дехкарна кхоьруш.

Карелехь йолчу колонешкара бусалба тутмакхаш латкъамаш беш бара шайн бакъонаш йохош хиларх лаьцна, амма 2017-чу шарахь дуьйна цу тайпа латкъамаш ца хилла, боху таIзарш кхочуш дон системина Юкъараллин тIехьажаран комитетан куьйгалхочо Бабушкин Андрейс. Дадаев латточу колонех лаьцна вониг бен хезаш дацахь а, амма бусалба нехан бакъонаш талхош ю аьлла цигара латкъам шайга кхаьчна цахилар билгалдоккху бакъонашларъярхочо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG